Кадыровс доьзалш “вовшахтохар”
Attribution+
— Кадыров Рамазанс кхоьллина комиссино дIахьедина ворхI шарчохь шаьш 2659 доьзал “цхьаьнатохарахь”. Хьалхо, республикан бахархоша хаам бора комиссино бертаза доьзалаш “цхьаьнатохарехь”.
...
Маршо Радио
|
3 hr |
⟶
|
|
"Къегина мел йерг гулйеш ву". ГӀала кхиорна Кадыровна совгӀат даларх
Attribution+
— Оьрсийчоьнан иттех гӀалана, царна йукъахь Соьлжа-гIала а, Владикавказ а, Сочи а, ХӀинжа-ГӀала а йолуш, совгӀаташ делла дахаран лаккхара дикалла хиларна. Къаьстина совгӀат делира цхьаъ бен воцчу губернаторна – Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Дош олуш элира цо "СовгIат, Соьлжа-гӀала йухаметтахIотторехь, сан жима кхиаман мах хадор ду". Хьакъ дуй и совгӀат цунна дала, хӀунда оьшу иза политикна - Кавказ.Реалии сайтан материалехь.
Дахаран дикалле хьаьжжина гӀаланийн рейтинг...
...
Маршо Радио
|
1 d |
⟶
|
|
Путина вейтина Яндарбиев, Нохчийчохь хIаллакбинчийн гергарчарна компенсацеш хIиттийна. КIираран жамI...
Attribution+
— Журавель Никитина дина керла таIзар, Нохчийчохь байинчу нахах йелла компенсацеш, Американ талламхойн Яндарбиев Зеламха верах лаьцна хаамаш - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 91-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Google Podcasts
YouTube
Spotify
Overcast
Amazon
Audio
Журавельна 13,5 шо тоьхна
Политикан тутмакхна Журавель Никитина 13 шой ахшой тоьхна набахтехь даккха Волгоградан кIоштан кхело, пачхьалкхана йамартло йина цо аьлла....
...
Маршо Радио
|
3 d |
⟶
|
|
Путинан омраца Яндарбиев вийна хилар гучудаьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #91
Attribution+
— Журавель Никитина дина керла таIзар, Нохчийчохь байинчу нахах йелла компенсацеш, Американ талламхойн Яндарбиев Зеламха верах лаьцна хаамаш - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 91-чу подкастехь.
...
Маршо Радио
|
4 d |
⟶
|
|
"Воккхачу стаге дIайелира со". Кхиъна а далале зудабер маре дуьгурш Кавказехь таIзарх муха бовлу
Attribution+
— Хенал а хьалха доьзал кхоллар Оьрсийчоьнан пачхьалкхан мехкашлахь къаьсттина даьржина ду Дагестанехь а, Ставрополан махкахь а. Ишта хьесапаш дина бакъоларйаран Equality Now организацино шаьш арахецначу рапортехь. Къилбаседа Кавказан регионашкахь хенал а хьалха а, бертаза а маре стенна ло зудабераш, цунна хIун дан деза а дийцира тхан редакцина и таллам бинчара.
Оьрсийчохь лелаш репрессийн низамаш хиларна, оха ца йоху тхайца къамелаш динчийн цIераш.
Дуьненайукъараллин бакъонца а догIуш,...
...
Маршо Радио
|
4 d |
⟶
|
|
ХIинжа-ГIалахь къепе йохийначарна тIехIоьттинчунна духьал айдина гIуллакх
Attribution+
— Коментаторна, жигархочунна Рабаданов Рамазанна тIаьхьабевла Дагестанехь - ХIинжа-ГIаларчу аэропортера къепедацаршкахь лецначийн агIо лоьцуш вара иза.
...
Маршо Радио
|
5 d |
⟶
|
|
"КадыровгIеран преференцеш": Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоI а, цуьнан корейхойн ресторан а
Attribution+
—
Корейхойн стритфудан ресторанан франшизан дола деш йерг Кадыров Рамзанан йоI Табарик йу, корейхойн поп-культурин, ишта дуьненахь гоьйаьллачу BTS группин фанаташна тIехь а ахча доккху цо. Оцу йукъанна Нохчийчохь официалехь тIеоьцуш йац Къилба Корейн культура, ЛГБТ-нехан бакъонашкахьа йолу тоба а цхьаьна. Делахь а, Табарикана дерриг магийна ду, хIунда аьлча, Нохчийчохь хIиттон бакъонаш а, ламасташ а Кадыровн бераш декхаре дац кхочушдан а, лардан а. Иштта хьажам бара редакцино хеттарш динчу...
...
Маршо Радио
|
5 d |
⟶
|
|
Шира кепаш, керла бахьанаш: Нохчийчохь божарий лечкъор
Attribution+
— Лахьан-беттан йуьххьехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро хаамбира Нохчийчохь шуьйра "зачисткаш" дIайахьарх лаьцна. Бахьана хиллера, шиъ эскархо вуьйш, гIадужу-беттан 26-чохь Росгвардин коврана дина тIелатарх. Кадыровхоша лачкъийна вигинчу цхьаннан цIе хаа аьтто хиллера – и ву заьIапхо волу Устрада-ГIалара вахархо Батыров Ризван. ХIинца а полицин декъехь латтош ву боху иза. Бакъоларйархойн хаамашца, Грозненскан кIоштахь лаьцна латтош ву кхин а "бIе стаг". Полисхойн декъехь цаьрга...
...
Маршо Радио
|
6 d |
⟶
|
|
Гацаев СаьIид | НОХЧИЙН БИБЛИОТЕКА #5
Attribution+
— Йалх шо кхачаза волу Гацаев СаьIид, къам махках даьккхинчу хенахь, Даймахках къастийра. Казахстанан аренашкахь дIаяхана цуьнан бералла. Цундела хир йу цуьнан поэзин коьрта тема - Даймохк, Нана, адамаш. Подкастехь йовзуьйту поэтан "Со-м хьан варий, Нохчийчоь", "Къонахашка", "Ненера кехат" байташ.
...
Маршо Радио
|
6 d |
⟶
|
|
Кадыровн кIанта йиттинчунна керла кхел кхайкхийна
Attribution+
— Политикан тутмакхна Журавель Никитина 13 шой ах шой хан туьйхи пачхьалкхана йамартвалар аьллачу Iедалан къепехула. Керла таIзар цунна кхайкхийра лахьан-беттан 25-хь Волгоградан кIоштан кхело, шозза бен кхеташо вовшахтоха ца дийзира оцу гIуллакхна.
...
Маршо Радио
|
6 d |
⟶
|
|
"Цхьаллин де". Iедалхошца цхьацца сингаттам Iоттабела Нохчийчуьра дIабахначу зударийн дийцарш
Attribution+
— Лахьан-беттан тIаьххьарчу кIирандийнахь Оьрсийчохь билгалдоккху Ненан де. Нохчийчуьра баккхийчу хьаькамаша уггар а хьалха декъалйо цу дийнахь мехкан куьйгалхочун нана Кадырова Аймани. "Дикаллин, къинхетаман, нийсонан символ" а, "Нохчийчоьнан урхалхо кхиийна сийлахь нана" а йу олу, иза хьахочу хенахь. Оцу йукъанна Орсийчохь доьзалера бераш лечкъош хиларца республикера хьал чIогIа даьржина ду. Доьзалехь бала хьоьгучу зударша бакъонашларйархошка аьрзнаш дар а тIаьххьарчу шина шарчохь...
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
Соьлжа-ГIалина дуьххьара штурм йина де дагалоьцу Австрера нохчаша
Attribution+
— 1994-чу шеран лахьан-беттан 26-хь Соьлжа-ГӀалана дуьххьара штурм йар дага а лоцуш, цхьаьнакхеттера Венехь. Гулам вовшахтоьхнера Австрерчу Нохчийн Ичкерия Республикан векалалло, штурм йина 30 шо кхачарна лерина.
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
Жоьжахате хьажор ву: тIамтIе ца ваха ведда нохчо Францин Iедалша Оьрсийчоьне дIавала тарлуш ву
Attribution+
— Францихь, Австрихь, Бельгихь митингаш хIиттийнера 25 шо долу нохчийн мухIажар Цинцаев Муслим пачхьалкхера араваккхарна дуьхьал. Даймахкахь тIамана дуьхьал цуьнан дог-ойла хиларна лачкъийна хиллера иза кадыровхоша, дIахьедира цо. Оьрсийчохь Цинцаев бехкевина терроризмана. Иза бехкевина, шена вевзаш хиллачу цхьана накъостана ши евро ахча дехьадаьккхина аьлла. ТIаьхьо гучудаьлла, и стаг дуьнеанйукъарчу лехамашкахь хилар. Нохчийчуьра бахархой Европан пачхьалкхашкара арабохуш хиларо сагатдойту,...
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
Европера нохчашна депортаци йарна дуьхьал митингаш, къух даьлла керташ Нохчийчохь схьайахар. КIирана...
Attribution+
— Нохчийчоьнан куьйгалхочунна кIело кечйарх долийна "хабар", Европера нохчий арабахарна дуьхьал митингаш, Кадыровна ца тайначу керташкара къух - цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радион 90-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Google Podcasts
YouTube
Spotify
Overcast
Amazon
Audio
Кадыровна "кIелойар"
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вен гIортах лаьцначу дийцарехь кхин а керла хаамаш гучубевлла. Дагадоуьйту, гIадужу-баттахь Кадыровс ша вен...
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
Кадыровна «кIелойан» гIортарх кхин а керла хаамаш гучубевлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #90
Attribution+
— Нохчийчоьнан куьйгалхочунна кIело кечйарх долийна "хабар", Европера нохчий арабахарна дуьхьал митингаш, Кадыровна ца тайна къух даьлла керташ - цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радиjн 90-чу подкастехь.
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
"Адамийн кхолламаш мехала бац". Нохчийчохь Кадыровна ца тайна цӀенош дIахьаькхна
Attribution+
— Соьлжа-ГӀалахь Кадыров Рамзанна хьал ца тайна масех нехан цӀа дIахьаькхна. Иза муьлхачу низамехь дина а, церан долахой хӀинца стенгахь беха а, хууш дац. Дуьххьара дац Ӏедалан лаамца, меттигерчу бахархошкара церан долахь болу бахам дӀабаккхар. Кавказ.Реалиин редакцига эксперташа дийцира, нуьцкъала гӀалахь хийцамаш барх а, цунна тӀехьа долчух а лаьцна.
Йуьхьанца цӀенош дохорах хаам бира махкал арахьа вехачу нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Ша зорбане йаьккхина видеохь цо...
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
ЦӀий Iаноза чIир? Муха пайда оьцу Кадыровс ширачу Iадатех шен бизнес-интересашкахь
Attribution+
— Ша вен кечам беш хилла аьлла, Кадыров Рамзана дIакхайкхор, цо шеггара долийна хIума дара, йаздира "Новая газета Европа" зорбано, ФСБ-ра хьостанна тӀе а тевжаш. ТӀаьхьо информаци гучуйелира, йуьхьанца дуьйна а кIело йеш хиларх шайггара кхоьллина дара аьлла даржийнарг "арахьара агентан" статус йолуш волу Пачхьалкхан Думан хилла депутат Гаджиев Мохьмад вара аьлла. ХӀетте а оцу доллучух а бахьана хилира "Вайлдберис" маркетплейсан девна йукъахь хиллачу Кадыровн дуьхьалончашна чӀир кхайкхош,...
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
Волгоградан кIоштара 1010 эскархо "ведда"
Attribution+
— Волгоградан кIоштахь куп тоьхначу 20-чу дивизера 1010 эскархо ведда тIом бан дуьхьал хилла. «Дезертирийн» цIерашца хIоттийна тептар бакъ хилар билгалдаьлла «Важные истории» гIирсан журналисташна а, «Идите лесом» цIе йолчу хьастан бакъонашларъярхошна.
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
Нах байъа реза ца хиларна ор чу кхийссина: Къилбаседа Кавказера а, Къилбехьара Оьрсийчуьра а дезерти...
Attribution+
— ГIадужу-баттахь Францино дIасалела бакъо луш долу кехаташ делира Оьрсийчоьнан эскарера веддачу 6 дезертирхочунна, хӀинца уьш тховкӀело йаларна кхелан сацаме хьоьжуш бу. ХӀара, цхьа гӀуллакх бен дац – амма, Оьрсийчура уьдуш дуккха а алсам эскархой бу. Царех дуккхахберш, бакъонашларъйархоша дийцарехь, арахьа-мехкашкахь лела паспорташ доцуш бу, кхечу махка дIабаха. Кавказ.Реалии сайто къамел дира Къилбаседа Кавказан цхьацца меттигашкара а, Оьрсийчоьнан къилбехьара а масех дезертирца, цара...
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
"Боьха лело дакъош" схьадохуш ду Нохчийчуьра Iедалхоша
Attribution+
— ТIехь деш дола дац аьлла, шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочунна ца тайна Соьлжа-ГIалара лаьтта тIера цIенош дIахьаькхна. Иттех дакъа схьадаккха дагахь бу Iедалхой, цу тIехь лекха гIишлош йархьама, тоьшалла до редакцин хьосто.
...
Маршо Радио
|
1 w |
⟶
|
|
Политикан Ӏалашонаш йа элитан дов? Узбекистанехь стаг вен кIело йарехь хиллий "нохчийн лар"
Attribution+
— ГIадужу-бутт чекхболуш Ташкентан йистехь Узбекистанан президентан пресс-секретарь хиллачу Алламджонов Комилна кIело йинера. Оцу гӀуллакхан хьокъехь республикера вахархо лаьцна. 2021-чу шарахь Туркойчохь лецначу Нохчийчуьра нахана йукъахь вара иза, Кадыров Рамзанна луьйш болчу нахана бекхам бан араваларна бехке веш. Узбекистанехь лаьцна стаг оцу гӀуллакхца уьйр йолуш ву аьлла, хаам гучубаьллачул тӀаьхьа Кадыровс дӀахьедира, йа ша а, йа Нохчийчуьра цхьа а вац Ташкентехь стаг вен гӀоьртина...
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
Украинана дуьхьал Оьрсийчоьнан тIом: 10 эзар ву къилбера а, Кавказера а велларг
Attribution+
— Украинана дуьхьал дIахьочу тIамехь Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а беллачийн терахь 10 000 сов ду. Царах доккхаха долу дакъа Къилбаседа ХIирийчуьра ду.
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
"СВО-н турпалхой"а, Дагестанера латтанаш тIехула къийсам а: стенна дуьхьал бу аьккхий
Attribution+
— Дагестанан Казбековн кӀоштарчу Ленинаул юьртара Украинехь тӀамехь дакъалаьцначара - суьйлий - республикан куьйгалхочуьнга Меликов Сергейга, дехар дира, латтанийн дакъош дӀасадекъа новкъарло йеш болу меттигера нохчий тӀаме бахийтар доьхуш. Цул тӀаьхьа, бахархоша дийцарехь, юьртахь дӀайолайелла эскаре дӀакхайкхош болчу нахана тӀехь рейдаш йан.
Дуьххьара дац Ленинаул эвлара хьал талха герга хилар: 2017-чу шарахь кхузахь вовшахкхетта дуккха а нохчий-аьккхой а, суьйлий а вовшахкхетта летарш...
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
Нохчийн блогеран турнир йукъах йаьккхина ницкъахоша
Attribution+
— Подмосковьера ницкъахоша йукъах йаьккхина ПОП-MMA-н ЛИГИН HYPE FIGHTING турнир. Оцу лигин долахо ву нохчийн блогер, Альфредо Аудиторе цIарца вевзаш волу. Блогеран бакъйолу цIе Носаев Мухьаммад йу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Волгоградан кIоштара векалан кIант ву иза.
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
Кадыровхойн дирзина дов, Янгулбаевс Францин Iедале Кадыров дIахьевар. КIиранан жамIаш
Attribution+
— Мусаева Заремина дуьхьал айдина керла гIуллакх, Анапера кадыровхойн дов дерзар, нохчийн жигархочо Кадыровна полици арз дар – оцу доллучух лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 89-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Google Podcasts
YouTube
Spotify
Overcast
Amazon
Audio
Мусаева Заремин керла гIуллакх
Политикан тутмакхна, вежарийн-оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нанна Мусаева Заремина дуьхьал керла бехкзуламан гIуллакх долийна Нохчийчохь. Цунах лаьцна...
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
Мусаева заремин керла гIуллакх | МАРШОНАН ПОДКАСТ #89
Attribution+
— Мусаева Заремина дуьхьал айдина керла гIуллакх, нохчийн жигархочо Кадыровна полици арз дар – оцу доллучух лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 89-чу подкастехь.
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
"Тхоьга схьа олуш хIума дац": Нохчийчуьра мухIажарш кIиранашкахь лаьтта Боснин-Герцеговинан дозанеху...
Attribution+
—
Мобилизаци дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, нуьцкъаша тӀаме хьийсорах уьдуш болу Нохчийчоьнан бахархой Европе кхача гӀерташ бу Боснехула-Герцеговинехула. Оьрсийчуьра оьхучарна визанаш оьшуш йац цига боьлхуш. ХIора денна иттаннашкахь нахана дуьхьал бовлу дозанхой, цхьа а бахьана а ца дуьйцуш, Евробертан мехкашка дехьа ца бовлуьйту цара уьш. Маршо Радион Балканийн сервисан корреспонденташ хилира Хорватица дозанехь йолчу цхьана блок-постехь, цигахь хиира дозанехь ладоьгIучу мухӀажарша...
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
Кадыровн закъалтхо? Нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаева Заремин керла бехкзуламан гIуллакх
Attribution+
— Нохчийн оппозиционерийн Янгулбаев Абубакаран а, ИбрехӀиман а, БойсгIаран а нанна Мусаева Заремина дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долийна набахтен балхана новкъарло йина аьлла. Диабет лазар долу 55 шо долу зуда карарчу хенахь набахтехь хан токхуш йу, полисхочунна тӀелатар дарна бехке а йина. Бакъоларъярхоша а, Мусаеван кӀенташа а тхан сайтаца динчу къамелашкахь чӀагӀдо, цунна дуьхьал айдина керла бехктакхаман гӀуллакх Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бекхам бар ду аьлла.
ГIадужу-бутт...
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
Алаудиновн гIоьнца Нохчийчуьра бахархой таIзарх бовлар
Attribution+
— Нохчийн «АХМАТ» декъан командир Алаудинов Апти йукъа а гIуртуш, хиллачу летаршна тIехула долийна хилла бехкзуламан гIуллакх дIакъевлина Анаперчу кхело. Гезгамашин-беттан кхозлагIчу дийнахь меттигерчу клуба хьалха шина аниматорна йиттинера.
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
"Массанхьа кхин тIе а телхина догIу хьал". Абдурахманов Тумсос дуьйцу, шех арахьара агент варх
Attribution+
— Оьрсийчоьнан юстицин министралло дахначу пIераскан дийнахь арахьарчу агентийн тептаре вазвина оппозицин нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо. Хьан дахарна оцу цIаро Iаткъам биний аьлла, шега хаьттича, цо дагатесира 2021-чу шарахь террорхойн а, экстремистийн а реестре ша ваккхар Росфинмониторинго. Ткъа оцу статусо кхин а чIогIа дозанаш деттара. Реестре иза ваьккхинера нохчийн Iедалхоша Шемарчу тIемалошца цуьнан уьйраш йу аьлла, бехкаш дехкинчул тIаьхьа.
Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а...
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
Гайтукаева Бана | НОХЧИЙН БИБЛИОТЕКА #4
Attribution+
— Нохчийн къам махках даьккхинчу дийнахь дуьненчу йаьллачу Гайтукаева Банас ша йина де даздеш ца хилла, шен бакъо йац бохуш. Поэтессин Банин дукха ю Даймахке, халкъе, доттагIашка болчу безамах лаьцна байташ а, проза а. Кху подкастехь йовзуьйту цуьнан "Аганан илли" монолог.
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
Мусаева Заремина дехкинчу керлачу бехках дерг хиъна
Attribution+
— Политикан тутмакхна, ЯнгулбаевгIеран вежарийн-оппозиционерийн ненах Мусаева Заремех шеко йо, таIзар кхочушдаран федералан урхаллин (ФСИН) белхахочун белша тIера погон схьа а йаьккхина, цунна тоьхна аьлла. Мусаевана дуьхьал керла бехктакхаман гIуллакх делларх де хьалха гучуделира.
Шинарин дийнахь Талламан комитетан Нохчийчуьра урхаллехь хилира Мусаеван адвокат Савин Александр, хаамбо "Iазапашна дуьхьал Командо". Талламан версица, гIадужу-беттан 29-чохь дарбанан цIийнера ФСИН-н белхахочо ша...
...
Маршо Радио
|
2 w |
⟶
|
|
"Кисана оьккхуьйтург йиллира". Дагестанхойн комментатор лацар а, "аэропортехь хилларг" а
Attribution+
— Бакъо йоцуш тIеман гIирс латтош хилла аьлла, бехкевина спортан комментатор Рабаданов Рамазан лаьцна ХIинжа-ГIалахь. Экстремизмаца къийсам латточу центран белхахошна цуьнгахь гучуйаьлла граната а, патармашца цхьаьна тапча а. Гергарнаш тешна бу, ницкъахоша цунна уьш тийсина аьлла: РабадановгIеран цIийнах хьоьвсича ца карийна лело бакъо йоцу хIуманаш.
"Дагестан Iуьйре" каналан авторшца цуьнан уьйр хиларна лаьцна ву иза аьлла хета ницкъахошца зIе йолчу телеграм-каналашна. "Уйташ" аэропортехь...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Нохчийн жигархойн нанна Мусаева Заремина дуьхьал керла бехктакхаман гIуллакх долийна
Attribution+
— Политикан тутмакхна, вежарийн-оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина дуьхьал керла бехкзуламан гIуллакх долийна Нохчийчохь. Инсулинах йоьзна диабет цамгар токхуш йолчу зудчух шеконаш йу таIзар кхочушдаран федералан урхаллин (ФСИН) белхахочунна тIелетта аьлла. Пхеа шаре гергга чохь йаккха хан тоха кхерам бу цунна хIинца, хаамбина "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахоша.
Йукъараллех дIакъастор лардечу хьукматийн балхана новкъарло йина аьлла шеконаш йу Мусаева Заремех. Бакъоларйархойн...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
"Динехь магийна дац и". Зударшна тIехь гIелолаттораш муха бехказа боху Кавказехь
Attribution+
— "Къиза дин" ду бохуш цхьа стереотип йу исламна гонах – зударийн хьокъехь а цхьана. Цкъацкъа оцу кепара ойла йовзуьйту динан дайша а: цуьнан тоьшалла до, масала, ГIезалойчуьра имамах Камаев Тимурах лаьцначу дийцаро а. "ТаIзар деш" муха нийса йетта йеза зударшна дийцира цо. Зударшна тIехь гIело латтор "дино магош ду" бохуш, дукха хьолахь и бакъдан хьийза Къилбаседа Кавказехь. Амма, ма-дарра дийцича, исламо ца боху зудчунна тIехь ницкъбе, чIагIдо тхан редакцино хеттарш динчу Iеламнаха а,...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Узбекистанан президентан пресс-секретарна кIелойарна гунахь хилар тIе ца дитина Кадыровс
Attribution+
— Карладаккхар: Кадыров Рамзанан гонера нах кIело йарна бехке хила тарлуш хиларх хаам тIетоьхна
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, йа ша а, йа махкара бахархой а бехке бац Узбекистанан президентан администрацин хаамийн политикан департаментан хиллачу куьйгалхочунна Алламжонов Комилна тIелатарна аьлла. ГIадужу-беттан 26-чу буса муьлш бу цахуучу наха герзаш диттинера цуьнан машенна, вийна йа лазийна стаг вац.
Малхбузера хаамийн гIирсашна бехкаш дехкина Кадыровс, цигахь...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Латтана тIехула даьлла дов дерзош гIо дехна Дагестанера нохчаша Кадыровга
Attribution+
— Дагестанхойн Ленинаул эвлахь бехачу нохчийн къаноша кхайкхамбина Кадыров Рамзане Украинана дуьхьал тIом бинчу нахана эвлара латтанаш декъарна дуьхьало йахьара аьлла. И хаамбина кху деношкахь Оьрсийчохь "арахьара агент" аьлла къобалвинчу оппозицин блогеро Абдурахаманов Тумсос.
Билгалдаккхар: нохчийн маттахь Пхьарчхошка олу Ленинаул эвла, - Дагестанера суьйлиша а, нохчаша-Iовхоша а къуьйсу, царна йукъара доза ду. Сталина къам махках даьккхинчу 1944-чу шарахь, хIетахь Дагестанера Iовхойн...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Нохчашна а, суьйлишна а йукъара къовсам, Нохчийчохь полисхоша талламаш бар
Attribution+
— Дагестанна дронашца тӀелатар дина, Нохчийчохь ницкъохоша талламаш дIахьо, суьлишна а, нохчашна а йукъахь латтана тIехула къовсам хилла -– цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 88-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Google Podcasts
YouTube
Spotify
Overcast
Amazon
Audio
Украинхойн дронаша дуьххьара тIелатар дина Дагестанна
Дуьххьара дронашца дина тохарш бахьана долуш Дагестанерчу Каспийскехь цхьана ханна дӀакъевлина йалх берийн беш а, кадетийн...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Латтана тIехула Дагестанера дов | МАРШОНАН ПОДКАСТ #88
Attribution+
— Дронашца тӀелатар дина, Нохчийчохь ницкъохоша талламаш дIахьо, суьлишна а, нохчашна а йукъахь латтана тIехула къовсам хилла -– цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 88-чу подкастехь.
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
"Кхерам боцу дахар лаха арайаьллера": Европехь лаьцначу Хадисова Селимех дийцар
Attribution+
— Боснихь, Герцеговинехь лаьцна 33 шо долу нохчийн жима зуда Хадисова Селима маьршайаккхийта хьийза кеп-кепарчу пачхьалкхашкара бакъонашларйархой. Истанбулера кеманца йеанера иза Сараево шен жимачу кхаа бераца. Нана лаьцначул тIаьхьа мухIажарийн центрехь дIатардира бераш цуьнан, ткъа ша Селима Тузла гIаларчу набахте хьажийра. Интерполон дехарца Оьрсийчоьне дIайала кхерам лаьтта цунна карарчу хенахь.
Москвано динчу дехарехь (редакцин карахь ду и) билгалдаьккхина, Хадисова 2015-чу шарахь Шема...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
"Пачхьалкхана гIуллакхаш дарна" орден йелла Делимханов Адамна
Attribution+
— Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь дупутат волчу Делимханов Адамна керла федералан совгIат дина – "Даймахкана гIуллакхаш дарна" IV-чу бараман орден. Оцу кепара омрана куьгйаздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.
Шен телеграм-каналехь хаамбина Кадыров Рамзана Делимхановна орден йаларх лаьцна. Цо бахарехь, совгIат кхаьчна цунна "парламентаризм кхиорехь дакъалацарна а, низамаш дахарехь жигаралла гайтарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а".
Парламентаризм...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
"Царна бен-башха дац, милла а бехкеван": гIалгIайн батIалхьажойн вежараллин декъашхой "Крокусан" гӀу...
Attribution+
— Москвара "Крокус-Сити Холлехь" йинчу терактаца доьзна бехк кховдийна ГӀалгӀайчура батIалхьаьжин вирдера 4 стагана. Талламчийн версица, 145 стаг а вуьйш, тӀелатар динчу нахана цара герз делла хилла. Бакъонашларъйархойн а, гӀалгӀайн юкъараллин жигархойн а шеконаш йу кху тӀаьхьарчу 20 шарахь гергга Оьрсийчохь хиллачу уггар йоккхачу терактца батIалхьажойн декъашхой бехке бан гӀертарх.
"Исламан пачхьалкх" Афганистанера "Вилаят Хорасан" цӀе йолчу организацин декъо шена тӀелецар и тӀелатар. Иза...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Украинхойн дроно Дагестанна тӀелатар дина
Attribution+
— Дуьххара пилот-воцчу кеманца тIелатар дина Дагестанехь: офицалан хаамаш дицарехь, лазийна 16 шо долу йоIаю ТIелатар дарна бахьана долуш, Каспийск гIалийн дуьненайукъара аэропортан болха сацийра.
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Украинера тӀаме хьажийначу нохчийн латархочо Якубовс "тIеман хьалхера"сурт хIоттийна. Луганскехь даь...
Attribution+
— Терроризм бакъйарна бехке а вина, Москвахь лаьцначу Нохчийчуьра ММА-н латархочо Якубов Ильяса зорбане даьхна "Шторм" олучу эскариийн духар доьхна суьрташ. Хьалхо Украине тӀаме хьажор бахьана долуш, цуьнан бехктакхаман гӀуллакх йухадаьккхинера. Цо зорбане даьхна суьрташ тIаман бӀе километар генахь йолчу Луганскехь даьхна хилар гучудаьлла Кавказ.Реалии сайтана.
"Леррина тӀеман операцин меттигера" (Оьрсийчохь официалехь иштта олу Украинехь боьдучу тӀамах) Якубовн суьрташ зорбане даьхнера...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
"Нах дӀаэха декхаре хуьлу": Нохчийчуьра белхазалла а, Кадыровс "малончошна" латкъамбар а
Attribution+
— Кадыров Рамзанца хиллачу цхьанакхетарехь йийцаре йеш тема хилла дӀахӀоьттира Нохчийчуьра белхазалла. Цо дIахьедар дира, регионехь гӀишлошъйарехь меттигаш йу -80 эзар сом алапа луш, амма нах, болх бан лууш бац, социалан пособеш гӀоле хеташ. Республикера Кавказ.Реалиин редакторшца къамелдечара белхаш боцуш хиларан кхин а бахьанаш билгалдоху, царна йукъахь кхаьънаш а ца делча, балха хӀотта аьтто ца хилар.
"И тайпа нах къасто беза вай, уьш гайта а, цара хӀун леладо къасто а деза", - элира...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Пачхьалкхехь тIехь да воцуш бисинчу доьзалашна луш долу пенсеш уггар а кӀезиг ду - Нохчийчохь а, ГӀа...
Attribution+
— ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь динчу зерашца, Оьрсийчохь тIехь да воцуш бисина доьзална луш долчу пенсин барам бара 15 эзар сом, амма Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а иза шозза кӀезиг ду. Социалан ахчанан барам а лахара бу Оьрсийчоьнан юккъерчу барамал Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а цхьа могӀа кхечу регионашкахь, Пенсин а социалан страховани фондан тӀаьххьарчу статистико гайтарехь.
ТIехь да воцуш бисиначу доьзална пенси луш ду, нагахь санна, цу стага царна рицкъ латтош хиллехь. Юккъерчу...
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Латтаца къовсам баларна нохчий тIамтIе хьийсор тIедожийна Дагестанехь
Attribution+
— Эскархойн доьзалашна латтанаш декъарна реза боцу меттигера нохчий тIаме хьовсабе аьлла Дагестанера суьлиша. И бахьана долуш дов иккхира Ленинаул йуьртахь. Сталинан депортаци хилале хьалха оцу латтанаш тIехь баьхна нохчий-Iовхой.
...
Маршо Радио
|
3 w |
⟶
|
|
Хьиджабана тIехула хайп: муха хьоьху Нохчийчоьно а, Дагестано а Оьрсийчоьнна бусалба дин
Attribution+
— Владимиран кӀоштарчу дешаран хьукъматашкахь бусалбан йа кхин долу динан духар лелор дехкаро, луьра реакци йира Къилбаседа Кавказерчу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан белхахошлахь. Цара чӀагӀдо, бусалба нехан бакъонаш йохош йу бохуш, амма Оьрсийчохь бусалба дин лелочарна дуьхьал кхин а даккхий низамаш дохорна хIумма а ца олу, билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцица къамел динчу эксперташа а, йукъараллин жигархоша а.
Цхьана а кепара мехалла доцу хаттар
ГIадужу-беттан 25-чу дийнахь дуьйна...
...
Маршо Радио
|
4 w |
⟶
|
|
Кадыровхоша талламаш бечу хенахь Устрада-гIалара заьIапхо лачкъийна - "Мемориал"
Attribution+
— Бакъонашларъяран "Мемориал" центро хаам бира, гIадужу-беттан 26-чохь Оьрсийчоьнан къоман гвардин ши эскархо а вуьйш, церан коврана тӀелатар динчул тӀаьхьа, Нохчийчохь дуккха а меттигашкахь талламаш дӀабахьарх. Кадыровхоша лачкъийначех цхьаъ ву Устрада-гIалара заьӀапхо Батыров Ризван.
"Мемориал" организацига республикера "бӀеннаш" бахархой ницкъахоша дӀабигина хиларх хаамаш кхаьчна, амма дукха хьолехь, лачкъийначу нехан гергарчара, церан хьал кхин тIе а талхарна кхоьруш, хиллачух ца...
...
Маршо Радио
|
4 w |
⟶
|
|
Маршоно ницкъ лора суна. "Сий лардеш" йуьйчура кIелхьарайаьллачу йоIах
Attribution+
— 2023-гӀа шо чекхдолуш бакъонашларъйархоша билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказехь доьзалехь тIехь ницкъ латточу нехан дехарш алсамдовлар, ткъа изза гайтам бара 2024-чу шарахь а. "Кавказ. Маршо. Кхиар" таханлерачу регионийн проблемийн толлучу центран рапорто дийцарехь, къаьсттина меттиг дӀалоцуш ду "сий лардеш" стаг вер Iадат. Нохчийчохь и Iадат ду, дукхахдолчу хьолашкахь зуда йен бахьан – мел кӀезга а, нахана гIара девла и тайпа хилларш теллича.
"Кавказский узел" зорбанан гӀирсан хьесапашца,...
...
Маршо Радио
|
4 w |
⟶
|
|